Сочинение дайн 1адат 8 класс

Арсанукаев iабдулла бадуев саьiид-салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо саидов билалас яздо: таьiно бiаьргаш долуш, даим, цхьана хiуманан кiорггера ойлаеш

Арсанукаев Iабдулла       

Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу дегIахь волу иза къамелана башха тIера вацара. Къамелдеш волчунна тамана наггахь дош алар, вела къажар бен, ша дукха лен хууш а, я и дезаш а вацара. Амма иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара»  

        Шен кхоллараллин корматалла халкъан хьашташна дIаеллачу яздархочун дахар дуьнен чуьра иза дIаваларца кхачалуш дац.  Цуьнан  исбаьхьаллин  дош,  шен маьIнийн керла агIонаш гучу а йохуш, халкъа юкъахь деха. Ишттачарах ву нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаьIид-Салихь.
Бадуев СаьIид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. Яздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Яздархочун да Бадуев Сулейман, цуьнан вежарий, да Бода-Хьаьжа, шайн даккхий хьелаш а долуш, шайн доьналлица, хьуьнаршца Нохчийчохь а, гонахарчу мехкашкахь а цIеяххана бевзаш нах хилла.  БадуевгIар Нохчийчоьнан а, Российн а юкъараллин-политически хьелаш девзаш, юкъараллин дахарехь дакъалоцуш хилла. Оьрсийн-японски тIом (1904-1905 шераш.) болабелча, оцу тIаме вахна Бадуев Сулейман. Цигахь йина чевнаш юха меттахъевлла, 1914 шарахь кхелхина иза. СаьIидан нана Укаева Зайбат Йоккхачу-АтагIара хилла. КIентан бералла дIадахна Соьлжа-гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Йоккхачу-АтагIахь а. Дуккха а гергара нах бара БадуевгIеран Хьалха-МартантIехь. Хинволчу яздархочун деда, денана, пхиъ деваша вара кхузахь вехаш. Шен дехой болчу Хьалха-МартантIе а, ненахой бехачу Йоккхачу-АтагIа а кест-кестта воьдуш а, еххачу хенахь Iаш а хиллачу кIанта хазахеташ ладийгIина юьртахоша исбаьхьа олучу иллешка, дуьйцучу туьйранашка, ширчу хабаршка, мехкарийн эшаршка. Халкъан исбаьхьаллин дешан марзо беран хенахь евзина цунна, барта кхолларалла гуттаренна а езаелла. Соьлжа-гIаларчу реальни училище деша дIавелла СаьIид-Салихь шен дас. Ойла тIеяххийтина, лерина доьшу цо. Шен накъосташна юккъехь кIеда-мерза волуш а, дешарна тIера хиларца а билгалваьлла иза. Къаьсттина дукха езна  Бадуев СаьIидана исбаьхьаллин литература. ТIевирззина Iамийна цо оьрсийн классически литература, лерина ешна В.А. Жуковскийн, А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Л.Н. Толстойн, А.П. Чеховн, А.М. Горькийн произведенеш. Хинволчу яздархочунна Iаламат пайдехьа хила нохчийн халкъан барта кхоллараллица цхьаьна сийлахь-йоккха оьрсийн литература, культура йовзар.
ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина чевнаш юхаметтахъевлла, 1914 шарахь Петроградехь кхелхина доьзалан да Сулейман. ЦIа а веана, Хьалха-МартантIехь дIавоьллина иза. ВорхI бераца йисина нана, СаьIид-Салихьан уггаре жимаха йолу йиша Маки да дIаваьллачул тIаьхьа дуьнен чу яьлла. Хала дара байлахь бисинчу доьзална. Дукха хан ялале материальни халонаш хааелира. Паччахьан заманахь муьлхха а дешар санна, Соьлжа-гIаларчу реальни училищехь а дешар мехах дара. Шен хеннахь мах дIабалаза бисча, дешарх юкъахвоккхура. Алссамчу берашца йисинчу нанна хала хилла доьзал кхаба. Доьшуш болчу СаьIид-Салихьна а, цуьнан вежаршна а тIера мах бала таро йоцуш меттигаш а йогIуш хиллачух тера ду. Шен ма-хуьллу дешар чекхдаккха гIиртина СаьIид-Салихь, амма гIуллакх ца хилла. 1915-1916 дешаран шеран IV четвертехь дешарх юкъахваьккхина иза. Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически кхеташонан протокол тIехь дешарна тIера мах дIацабаларна («за невзнос платы за учение») Бадуев СаьIид дIаваккхаран хьокъехь сацам бу. Дешаран шо чекхдала цхьа бутт бен ца биснера хинволу яздархо реальни училищера дIавоккхуш, оцу шарахь йолийна класс чекхъяккхалц а ца витина.
СаьIид-Салихь шайн доьзалехь баккхийчарах вара, цунна тIехь дара кегийчеран тергояр. Иза балха вахна. Болх барца цхьаьна дIадаьхьна цо, ша доьшуш, шен хаарш тIедузар. 1922 шарахь Владикавказехь кооперативни курсаш чекхъяьхна Бадуевс. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь товароведан болх бина. Амма цуьнан шовкъ йолуш болх ца хилла иза, цуьнан дог ца летара оцу гIуллакхех. С. Бадуевн ойла кхечахьа гIиртина. Шен къоман культура кхиорехь, йоза-дешар даржорехь, халкъ Iилманан серлонга доккхучу балха тIехь дакъалацар дара С. Бадуевна лууш дерг. Шен Iалашо кхочушъярхьама хьехархойн курсашка деша вахна иза. Уьш чекх а яьхна, хьехархочун болх бина цо. Школехь берашна хьехарца цхьаьна, баккхийчарна йоза-дешар а Iамадора СаьIид-Салихьа.
             Ша-тайпанчу эвсараллица хилла Бадуев СаьIид-Салихьа исбаьхьаллин литературе вогIуш бина некъ а, литературехь цо бина болх а.
Хьехархочун болх беш волуш, цо лерина Iамайо халкъан барта кхолларалла, дIаяздо иллеш, эшарш, забаре хабарш. Халкъан ойланах кхиа гIерта Бадуев. КIорггера пайда оьцуш йоьшу цо оьрсийн а, дуьненан кхечу къаьмнийн а яздархойн произведенеш. Бадуев СаьIида шена хьалха хIоттийнера исбаьхьаллин дешан говзалла караерзоран Iалашо. 20-гIа шераш юккъе даханчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера произведенеш. 1925 – 1926 шерашкахь «Серло» газета тIехь зорбатухуш арайийлина хIетахь цо язйина стихотворенеш а, кегийра дийцарш а. Волалуш волчу яздархочо шен коьрта Iалашо лорура къоман оьзда ламасташ чIагIдеш, вочуьнца къийсам латтош керла дахар дIахIотторехьа болчу къийсамехь исбаьхьаллин дашца дакъалацар. Бадуев СаьIид-Салихьан дуьххьарлера произведенеш а, ерриг цуьнан кхолларалла а и Iалашо кхочушъяре хьажийна ю. Яздархочо шен произведенеш зорбанехь арахоьцуш, Бадуев СаьIид олий, йоцца язйина шен цIе. Цундела литературехь Бадуев СаьIид аьлла, дIаяхна яздархочун цIе.
        Iаламат сиха кхиина яздархочун кхоллараллин корматалла. 20-гIа шераш юккъе даханчул тIаьхьа яздан волавеллачу Бадуевс, 1928–1929  шерашкахь  язйина  идейни  чулацамца а,  исбаьхьаллин говзаллица а кхоччуш кхиина а йолуш, шен тоьллачарах йолу произведенеш («ЦIеран арц», «Бешто»). Иштта сиха яздархочун корматалла кхиаран бахьана дара коьрта долчу декъана цо Iаламат говза халкъан барта кхоллараллех пайда оьцуш хилар, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн литературех иза Iемаш хилар а. Лаккхара исбаьхьалла шайца йолу вайнехан барта кхоллараллин произведенеш Бадуевн кхоллараллин хьоста хилира. Нохчийн фольклоро яздархочун исбаьхьаллин говзалла кхиорал совнаха,  гIо дора халкъан ойланех, сатийсамех кхиа. Бадуевн исбаьхьаллин кхоллараллин орамаш вайнехан фольклорах схьадогIуш дара. Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех пайдаэцаро яздархочун исбаьхьаллин говзалла лакхайоккхура. Цу тайпана яра Бадуевн исбаьхьаллин кхолларалла йолаяларан а, кхиаран а цхьайолу башхаллаш.
        Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан «Мацалла» цIе йолу повесть. Къехойн, хьолахойн вовшашца хилла юкъаметтигаш гайтина автора шен дуьххьарлерчу повесть тIехь. Къона доьзал – ТIелиб, ХIижан – хало ловш ду, мацаллла ю цаьргахь, кхечу къехошкахь а санна. Ялта къийдаларх пайда а оьцуш, шайн хьелаш алсамдохуш бу таронаш йолу нах. Мацалла токхуш болчу къехошна кIеззиг ялтех хIума а лой, церан тIаьххьара говр а, бежана а шайн дола доккху хьолахоша. Иштта шен бахам стамбеш ву повесть тIера Мухтар а.
        Бадуевс повестан персонажийн васташ дукха шуьйра ца гайтинехь а, церан амалш, психологи билгалъяккхарна тIе леррина тидам бахийтина. ДогцIена, мерза безам бу ТIелибан, ХIижанан берг. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, мацалла шаьш кIелдисарх, лах ца ло цу шиннан вовшашка йолу ойла, вовшийн ларар. Къинхетаме, догдика адамаш ду уьш, тешаме, хьанал бу церан безам. ХIижан шена везачунна муьтIахь а, шен безам ларбийр болуш а хилар къеггина билгалдолу цо хьолахочун Мухтаран лаамна дуьхьало ярца. Хьолах ца бухку цо шен безам. Мацалло гIелйина йолу ХIижан бахамах юьззина йолчу кертара йоду, сихха ТIелибана тIекхача.
        Мухтара лелочу гIуллакхаша цуьнан ямарт ойла, хьарамлонаш, нахана иза зуламе хилар гучудоккху. Персонажийн дог-ойла, церан лехамаш гайтарца яздархочо кхуллу къеггина шайн социальни юьхь йолу васташ.
        «Мацалла» цIе йолчу повесто − яздархочун дуьххьарлерчу йоккхачу эпически произведенино дарехь хаийтира Бадуев кIорггера кхолларалла йолуш яздархо хилар. Оцу повестехь хаалуш яра, тIаьхьо къаьсташ билгалъевлла Бадуевн кхоллараллин хотIан коьрта башхаллаш.
        20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаьIида язйина кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу произведенеш. Царна юкъахь ю «ЦIеран арц», «Бешто» цIераш йолу повесташ а, «Iимран», «ГIу» боху дийцарш, «МаргIала синтар» цIе йолу стихотворени, 1930 шарахь зорбанера араяьлла «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман, кхийолу произведенеш а.
    «ЦIеран арц» повестах лаьцна Мамакаев Мохьмад яздо: «Нажаев Ахьмада а, Дудаев Iабдис а, Сальмурзаев Мохьмада а язйина вайн маттахь исбаьхьаллин литературех хIумнаш цул хьалха а ешнера аса, амма исбаьхьаллин бакъйолу литература вайн маттахь а юйла «ЦIеран арц» айса ешчахь хиира суна. Иза ешчахь кхийтира со вайн къоман хIетахь кога яха гIерташ йолчу исбаьхьаллин литературехь керла аз кхиъна ца Iаш, вайн къоман воккха яздархо кхуьуш хиларх».
        20-гIа шераш чекхдовлуш ша язйина цхьайолу произведенеш Бадуевс, гул а йина, арахийцира «Хабарш, иллеш, поэмаш» цIе йолчу книги тIехь.
Бадуев СаьIида масех произведени язйина, «Iадаташ» аьлла, цIе а тиллина. Уьш зорбанера араевлла 1930 шарахь. Шина книгех лаьтташ ю «Iадаташ» цIе йолу произведенеш. Хьалхарчу книги тIехь ду «Iадат», «Олдам», «Баудди», «Зайнап», «ГIу» дийцарш, шолгIачунна тIехь «Бешто» повесть, «Бекхам» цIе йолу дийцар ду.
        Ира чулацам болчу оцу произведенешца автора гойту нохчийн къоман дахаран тайп-тайпана агIонаш. «Iадат», «Олдам», «Баудди», «ГIу» дийцарийн турпалхой къоман гIиллакхаш лардеш мел яккхий а халонаш лан кийча бу. Бакъ буй и турпалхой? Нийса дуй цара лелийнарш? Иштта хаттарш хIиттадо яздархочо шен произведенешца.
        ЧIиръекхаран Iадат гайтина яздархочо «Бекхам», «Зайнап» цIерш йолчу дийцаршкахь.
        1930 шарахь зорбанера араяьлла Бадуевн «ПетIамат» цIе йолу роман (1-ра дакъа). Иза нохчийн литературехь дуьххьарлера роман яра. Шуьйра чулацам болу  роман язъян Iалашо йолуш хилла яздархо, амма иза чекхъяккха доьгIна ца хиллера цунна.
    Бадуев СаьIидан  исбаьхьаллин хотIан башхаллаш къеггина гучуйовлу  “Бешто”, “ЦIеран арц” повесташкахь. «Бешто», шен бараме диллича, йоккха повесть яц, амма цуьнан чулацам хьалхалерчу дахаран кIорггера сурт хIоттош бу. Яздархочо ша билгал ма даккхара, дукха лерина хIоттийна ю повестан композици а, сюжет а. Йоьшуш волчунна произведенин чулацам алссам тIеIаьткъачу кепара нисбина автора цуьнан дIахIоттам.  
 
 
        БерхIитта декъе екъна ю повесть. Иза дIайолало Iаламат халчухIоьттина, кешнийн кертахь цкъа цхьана борза тIе хIуттуш, тIаккха вукху борза тIе хIуттуш, шен бала балхош лела, кхетамчохь ву я тиларчу вахана хаа хала долчу хьоле вирзина волу Бешто гайтарца. Йоьшуш волчунна чIогIа Iаьткъаш сурт ду иза. Стен халчухIоттийна техьа Бешто? ХIун ду-техьа стаг сел халчу Iазапе вуллуш, цуьнга кхаьчнарг? Мича балано кагвина-техьа гIеметта хIоьттина волу къонаха, олий, ерриге ойла повесть тIехь хиндолчунна тIейоьрзу. ТIаккха схьадаржадо яздархочо Бешто халчухIоттийна долу гIуллакхаш.
        Повесть тIерачу хиламийн чаккхе ю автора иза дIайолалуш гайтинарг. Цу тайпана, хьалхарчу декъа тIехь дешархочун берриге тидам произведени тIехь хиндолчу гIуллакхашна тIе а хьовзабой, кхидIа, шолгIачу декъа тIехь дуьйна, произведенин чулацамехь долу гIуллакхаш шаьш хиллачу рогIехь схьагойту.
        Повестан дакъош кегий ду, амма царах хIоранна тIехь а къастош долчу гIуллакхийн кхочушхилла долу сурт хIоттийна. Иштта, кIеззиг меттиг дIалоцуш долчу повестан шолгIачу декъа тIехь вайна довзуьйту Бештой, РакаIаттий, церан хьал-дахар, къен хIусам. Юьртан йистехь лаьтташ дара БештогIеран «лоха мокха цIенош. Доккхаха долчу «цIа чохь, мокхачу цIенкъарчу истанга тIехь, мотт а биллина, цомгаш Iуьллуш Бештон нана РакаIат яра». Шаьшшиъ бен, «кхин доьзалхо а, кхин да а воцуш цхьа ши стаг» ду и шиъ.
        Бештона езаелла хьалдолчу нехан йоI Бусана. Кхо шо а ду иза Бусанина тIехьийзаш волу. Бусанина Бешто а веза. Амма наха дуьйцу: «Бусанас Бешто лево, иза цуьнга йогIур яц», − бохуш. Цундела цамгаро лаьцна Iуьллучу РакаIата сагатдо, цо боху шен кIанте: «Нагахь йогIур йолуш елахь, и ялаяй а, кхин ялаяй а, сан бIаьрг хьоьжуш боллушехьа, цхьа зуда ялаехьа. Хьан да дIаиккхичхьана кхин дика суна дайна а дацара. ХIинца со ялале, хьо вайн цIен тIе воьрзуш гайтахьа суна».
        Нанна муьтIахь ша хиларе терра, РакаIатан лаам кхочуш а беш, Бусаница дерг къастор ду ша олий, сацадо Бештос. Кхузахь дIадуьйлалуш ду повестан коьрта сюжетан зIе шайх лаьтташ йолу гIуллакхаш.
        «Бештон» сюжет, озийна пха санна, юлаелла ю, цхьана а меттехь малъялар доцуш. Повестан хиламаш шайн кхиарехь гайтина бу. Произведени тIера хиламаш иштта хаддаза кхуьуш гайтар бахьана долуш, яздархочун таро хилла шен турпалхоша кхочушдеш долу гIуллакхаш дуьззина гайта а, оцу гIуллаккхашкахула церан амалш ма-ярра гучуяха а.
        Повестан сюжет кхиар керла персонажаш, керла хиламаш юкъабалор хилла ца Iаш, персонажийн дог-ойла, амалш, сатийсамаш − ерриг а церан чухале лерина гучуяккхар а ду.
        Бадуевс сюжет кхоллар ша-тайпа къастамаш болуш ду. Масала, цо шен турпалхой Iаламат халчу киртиг тIе хIиттабо, тIаккха оцу чолхечу хьелашкахь цара лелочуьнца схьагойту церан амалш. Иштта ю яздархочун дукхахйолчу произведенийн сюжетан (дагалоцур вай «ГIу», «ПетIамат», «Баудди», «Пхи туьма», дуккха а кхиерш а). Цкъацкъа турпалхочунна тIехIуьттуш долу хала гIуллакхаш цхьаъ хилла а ца Iа, уьш масех нисло.
        Иштта ю «Бешто» повестан сюжет а. БештогIеран уьйтIа а лилхина, Бусанин наха дов доккху. Хьасана, бе а бехк боцуш, «Бештона коьртах шаьлта туьйхира. Бешто сов чIогIа бIагор беана, хьаьвзаш го а боккхуш, шайн уча аркъал вуьйжира». Чов цIан а йина дIайихкича, жимма меттавеана Бешто, цомгуш Iуьллучу шен нанна тIевахара, амма «вуьшта а, цамгаро чIогIа ницкъ бина кIелйисина йолу РакаIат, шен кIантана, цIеххьана кхайкхина ара а ваьккхина, чевнаш яр ла а ца делла», елла хиллера. Бешто холчу хIоьттира: «Баба!… баба!.. — аьлла, Бешто, шен корта а лоцуш, РакаIатана улло вуьйжира. ТIаккха, хьала а айавелла, шен ненан юьхь тIе куьг а хьоькхуш, кхо юха а элира: «Баба!.. баба!.. ахь хIун дин?.. баба! ахь хIун дин? — кхуьнан бIаьргех мела хи хьаьдира, ненан са даларо кхунна шена коьртах хилла чов йицйинера, хIара, цунна улло а воьжна, воьлхуш Iуьллура».
        Дукха хан ялале иштта халчухIоьттина шен нанна юххехь Iачу Бештона дагатесира, Бусана яло баханчу накъосташна ша бахьанехь цхьа бохам хила там бара аьлла. ТIаккха иза, царна тIаьхьа ваха лерина, нуьйр а кечйина, божли чу вахара говр араяккха, амма Бештона белла Iуьллуш карийра шена дукха безаш хилла дин. Цунна «Iаьржа бIагор беара, и сурт гича», «ша цхьаъ бен кхин са долу дегI доцчу божал чохь цхьаннах а ийза а ца луш, велха волавелира, чохь елла Iуьллучу шен нанна а, белла Iуьллучу кху шен динна а».
        Бештона тIехIуьттуш йолу халонаш цу тIехь а кхача ца ло. Яздархочо кхин дIа а кIаргдо шен турпалхочун амал таллар.
        Шайн дас Бусана жа долчу Мусига маре лур ю аьлла, делла дош лардеш, Бусана шена везачу Бештога ца яхийта арабевллачу цуьнан вежарех цхьаннан, Вахьидан, карах Бусана ле. Иза яло ваханчу Бетас, Бештона хилла лаьтта бохамаш а ца хууш, схьадийцира кхуьнга Бусанех хилларг. «Бусана ели-кх Вахьидан карах», – цо аьлча, и дешнаш шена хеззашехь, Бештос, буьйдачу дошо дагийча санна, шен даг тIе куьг диллира: цуьнан бага, цхьаъ ала воллуш санна, гIаьттинчохь йисира; иза шершшина утармица охьавахара». Жимма хан яьлча меттавеанчу Бештона Бетех бехк хийтира: «Бета! Хьох эхь хета суна, Бусана йийна аьлча, и ла а ца делла, са даьлча санна, со охьавожарна. Бусанин ялар ахь соьга хазийча, сан дегIе цхьа лазар иккхира, хIуъа хаьддехь а, сан кийрара цхьа хIума а хедира. Суна цкъа а дIа ца даьндолу ан хIоьттина, со цо талхор а ву. Со телхина ваьлла стаг ву. Атта-м ца хIоьттина хьуна суна и ан. ЛадогIалахь, Бета!.. Чохь елла Iуьллуш со вина сан нана ю; сайн велла ваша санна дукха безна сан дин а божли чохь белла Iуьллуш бу; сайн сил дукха езна Бусана а шен вешин карах елла Iуьллуш ю», –  аьллачу Бештон бIаьргех мела, даккхийра, горга хин тIадамаш луьста эга дуьйладелира».
        Бешто декъаза стаг ву, цуьнан докъазалла иза къен хиларх йоллу. Бешто къен волу дела, ца йохуьйту цуьнга Бусана. Иза къен а, цхьалха а хиларо маршо ло ХьасангIарна цуьнан керта а лилхина, Бештона етта а, шайна луъург цунна тIехь кхолла а.
        Юьртахойн юкъаметтигаш къеггина гайтархьама, чекхвоху Бадуевс шен турпалхо оццул чIогIачу халонех. Сел ира сюжет авторна оьшу шен персонажех дерг ма-хуьллу дика хаа, церан амалш ма-ярра гучуяха, церан ойланийн кIоргене кхача.
“ЦIеран арц”, Бадуевн дукхахйолу произведенеш а санна, шен чулацамехь долу гIуллакхаш сиха кхуьуш а, ира сюжет йолуш а ю. Персонажийн васташ хIоранна а шен къастамаш болуш а, повестан маьIна кхочушдарехь хIор васт а шен билггалйолу меттиг дIалоцуш а ду. “ЦIеран арц” повестан турпалхойн ( Хонмурд, Бану, Залуба)  гIиллакх-оьздангалла гучуйолу яккхий халонаш царна тIехIуьттуш, оцу халонех уьш шайн оьздангаллех ца бухуш чекхбовлар гайтарца. Хонмурд а, цуьнан доьзалш а къоман ламаст лоруш бу, хьаша-да тIеэцар, гIийлачунна гIодар, къинхетаме хилар церан дагца ду. Хонмурдан кхетамо гIиллакх-оьздангалла гучуйолу яккхий халонаш царна тIехIуьттуш, оцу халонех уьш шайн оьздангаллех ца бухуш чекхбовлар гайтарца. Хонмурд а, цуьнан доьзалш а къоман ламаст лоруш бу, хьаша-да тIеэцар, гIийлачунна гIодар, къинхетаме хилар церан дагца ду. Хонмурдан кхетамо  тIе а ца дуьту, меца ву ша аьлла, чувеана стаг сискал ца луш дIавахийтар, Цундела боху цо, обаргаш схьабийца бохуш ша холчу хIоттийча: “Суна-м ца хаьий царах хIумма а, ша айса, цара меца ду шаьш аьлча, вай мостагIчуна а лун сискал ялар доцург!” Кхузахь яздархочо, дуьхь-дуьхьал йоккхуш, говза схьагайтина Ханмурдан къинхетамен дог-ойлий, Кулдевичан акхарой хьесапехь йолу къизаллий. Кулдевичана тIехьа лаьтташ харц Iедал ду, оцу Iедалан лехамашца цхьаьна йогIуш ю цуьнан къизалла. Цундела мега Кулдевичана цхьа а бехк боцуш волу Хонмурд йиттина мелчу цIийх вуза а, цул тIаьхьа, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийта а.
Амма Кулдевича Хонмурд Сибрех вахийтар Хонмурдана тIехь цо толам баккхар дац. ХIунда аьлча, повесть йоьшуш долчу вайна гергахь, шен адамаллица, цIенчу дог-ойланца тоьлларг Хонмурд ву. Исбаьхьаллин произведени тIехь тIаьххьар а толам боккхург ницкъ бац, амма сийлахьниг ду. Ткъа Кулдевичан вастаца сийлахьчух цхьа зирх а бац, цо лелош долу дерриге гIуллакхаш иза сийсаза веш ду, цундела, вайна гергахь иза эшна ву, вайн даго и эшар къобал деш тIе а оьцу. Кулдевич лах мел лун а, вайн бIаьргашкахь Хонмурд лакха волу. Иза лакха воккхург цуьнан деган-дикалла, нахана гIуллакх дар бахьана долуш цо хало лар ду. Ткъа ницкъ, муьлхха а ницкъ иза белахь а, адаман ойлано бакъ ца бо, сийлахьниг чIагIдеш бацахь.
  Бадуевс шен произведенешкахь вочунна дуьхьал къийсам латтабо и вониг тIаьхь-тIаьхьа алсамдаларца, цунах нахана долу зулам хаддаза дебаш гайтарца. Ткъа произведени тIехь вониг шеца долу персонаж а цу тайпана нахана шегара довлуш долу вонаш тIаьхь-тIаьхьа совдохуш хуьлу, цо тIаьхьа деш долу вон хьалхарчул дуккха а зуламе а хуьлу. Иштта ю “ЦIеран арц” повестан персонажаш а: Кулдевич, Мирзий зуламаш диэш кхочу шаьшшиннийн уггара а доккхачу зуламна тIе.
Бадуевс Кулдевичан вочу амалех лаьцна дукха дестийна дуьйцу. Вониг дестийна гайтаро, иза Iорадоккхуш, дешархочун ойла цунна дуьхьал йоккху. Бадуевс шен произведенешкахь хIума дестийна гайтар иза сийсаздар, цунна дуьхьал къийсам латтор ду, иза эшийна дIадаккха дезаш хилар чIагIдар ду. ХIума исбаьхьаллица дестийна гайтар Бадуевн кхоллараллин хотIан башхалла ю. Яздархочо ша дуьхьал къийсам латтош долу хIума эша а дой, дIадоккху иза дестийна гайтарца. Шен дукхахйолчу произведенешкахь Iаламат говза пайдаоьцу Бадуевс оцу исбаьхьаллин гIирсах.  
        Алссам ю Бадуев СаьIидан исбаьхьаллин произведенеш. 1933 шарахь араяьлла цуьнан «Колхозан иллеш» цIе йолу стихотворенийн книга, ц    о язйина «Партизанаш», «Тоьур ду», «Ши малх», «Къайле», «Дато хIайкал»  боху поэмаш, «Керла нах», «Тхан хьехархо Максим Горький», «Тракторхо Жуьнид» цIерш йолу очеркаш, ткъех гергга драматургин произведенеш.
        Бадуев СаьIида боккхачу лаамца язйора берашна лерина произведенеш а. 1934-чу шарахь зорбанера араяьлла «Берашна совгIат» цIе йолу книга. Бос болу суьрташ а долуш, хаза кечйина книга яра иза. Цу тIехь автора бераш кхета долчу кепехь язйинчу стихашкахь дуьйцура паровозах, тракторх, кеманах, дирижаблах, цу хенахьлерчу техникехь керла хиллачу кхечу хIуманех а лаьцна. Масала, хазчу басаршца диллинчу хIордакеман суьрта кIел язйина иштта стихаш яра: «Жамалдис дийцира  Кира лело кема. Цо цу тIе, бахара, Тарлур яра рема».
        Школашна оьшу дешаран книгаш, кIезиг йоза хуучу баккхийчарна лерина книгаш язйина Бадуев СаьIида. Царах ю «Белхан жайна», «Юрт социализме» цIерш йолу дешаран книгаш.
Цу тайпана шуьйра бу Бадуев СаьIидан кхоллараллин чулацам. Литературин ерриг жанрашкахь язйина цо. Роман, повесташ, поэмаш, дийцарш, очеркаш, пьесаш, стихотворенеш, публицистикин статьяш ю нохчийн литературин бухбиллархочун кхоллараллехь. Бадуев СаьIидан произведенеш, муьлххачу а кхечу яздархочун произведенеш а санна, шайн мехаллица цхьабоса яц. Тайп-тайпана ю церан чулацаман а, исбаьхьаллин а башхаллаш. Дикаллица къаьста Бадуевн проза, вон яц драматурги а. Поэтически произведенешна юкъахь а ю шайна тIе тидам бахийта хьакъ ерш. Масала, шех схьадолучу маьIница тахана а мехала ю “Лам” цIе йолу стихотворени. Iаламан исбаьхьаллех лаьцна ю и стихотворени, амма Iаламан исбаьхьалла гайтина ца Iа поэт, Iалам лардан дезаш хилар, Iалашдан дезаш хилар чIагIдо стихотворени тIехь. Дукха ниIматаш долуш, хазнех дуьзна, исбаьхьа ду Iалам, амма цуьнан исбаьхьалла экама ю, иза кхоьру, къаьхка, шаьш говза ду, шаьш Iалам тодийр ду, алссам пайдехьа хуьлчу кепара хуьйцура ду аьлла, адамаш тохаделча, ламано
Говзаллех ша кхоьруш,
Гонахара гIо доьху.
Iаламехь дерриг а дика ду, ша хила ма-деззара ду, хийцина тода дезаш хIумма а дац. Iаламе ца лало шена тIекхийдар, хийцамаш бан гIертар. Iаламера ниIматаш иза талха ца деш, цунна зе ца деш схьаэца деза. Керлачу говзаллица Iалам хуьйцуш, цунах пайдаоьцур бу аьлла, «говзанча, карахь лом ловзош» араваьлча, цунна дуьхьал довлу дерриге Iаламаташ: шовданаш, хьаннаш, акхарой, сийна стигланаш, мархаш, догIа, Iаннаш, дохк, юькъа хотеш. Амма хIетте а, ойла а йина, собаре а хилла, юха яла дагахь яц “керла говзалла”. Майра ю иза Iаламца. Иза тешна ю шен хаарех, шен ницкъах. Шен таронаш хета цунна Iалам карадерзо, иза ломах а тасало.
… керлачу говзалло
Собар ца до,
Керла говзалла
Цу кхерамех ца кхоьру,
Вайн говза говзалла
Цунах тасаяла ю тIера!
«Керлачу говзаллица» Iалам карадерзадо бохуш, «вайн говза говзалла цунах тасаелча», гонахарчу Iаламна зе деш хилар, цунна бохам бахьаш хилар гучудолу стихотворени тIехь.
Оцу стихотворенина дуьххьара зорбатоьхначу хенахь, дIадахнчу бIешеран 30-чу шерашкахь, цуьнан маьIна мухха деш хиллехь а, башха исбаьхьаллица кхелина иза яцахь а, тахана къеггина гуш ду Бадуев СаьIидан “Лам” стихотворени Iаламна зе цадаран, иза лардаран, Iалашдан дезаран ойла йойтуш хилар.
    30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Бадуев СаьIида юххера уьйр латтийна кхоллалуш йолчу Нохчийн драматически театраца. Коьрта долчу декъана къоман театран репертуар Бадуев СаьIидан произведенех  лаьтташ хилла. Оцу хенахь театрехь болх беш хиллачу Саидов Билалас шен дагалецамашкахь яздо: «Тхо хIетахь 1931-34 -чуй, цул тIаьххьарчуй шерашкахь хIор бIаьста а, гурахь а Нохчийчуьра массо а бохург санна ярташкахула чекхдовлура спектаклаш, концерташ хIиттош. ХIор тхаьш ара моссаза довлу, оха Бадуевс язйина керла пьеса — спектакль хьора. Уьш яра «Дайн Iедал», «Марха досту де», «Большевикийн хьалхара бIаьсте», «Политотдел», «Ламанаш хийцало», «Дашо Iам», «ЦаIебийна зуда ялор», «ЦIен гIап», иштта дIа кхин а. Районашка тхо доьлхучу хенахь СаьIид, гуттар бохург санна, тхоьца цхьаьна хуьлура… СаьIида бIо ца къажабора тхан гIоьнча хилла, тхуна юххе вала. Тхо дIадоьлхуш новкъахь а, дахана цига дIакхаьчча а, меттигерчу хьелашка хьожжий, цо шен пьеса кIезиг-дукха хуьйций тойора, оха цу сохьта и хийцамаш сцени тIехь дIахIиттабора».
        Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца Iаш, ша гоьваьлла драматург хиларе терра, театрана башха репертуар латтийна ца Iаш, къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо вара СаьIид бохуш, дуьйцу 30-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх биначара. Нохчийчохь а, республикал арахьа а дика бевзаш болчу артисташа шаьш дуьххьара театре даьхкинчу муьрехь актерийн болх шайна безабаларехь а, цул тIаьхьа шайн корматалла кхиарехь а Бадуевс шайна динчу гIоьнан лаккхара мах хадабо.
        Цу тайпана, Бадуев СаьIидан цIе Нохч-ГIалгIайн драматически театрах дIакъасталур йоцуш йозаелла ю. Алссам драматически произведенеш язйина Бадуевс, иттех шарахь цо кхоьллина лаккхара идейни а, исбаьхьаллин а мехалалла  йолу ткъех гергга пьеса. Яздархочун кхийолу произведенеш а санна, шуьйра тематика йолуш ю цуьнан драматурги а. Юьртабахам керлачу тIегIане баккхарехьа ахархоша латтийна къийсам гойту драматурго шен «Ламанаш хийцало», «Большевикаллица ялта дерехьа», «Политотдел», «Самаяьлла ячейка», «ЖаIуьнан доьзал» цIерш йолчу пьесаш тIехь. Шен заманан проблемаш хIиттош яра «Марха досту де», «ЦаIебийна зудаялор», «ПетIамат» боху пьесаш. «Таймин Бийболт» цIе йолу пьеса нохчийн исторехь а, иллешкахь вуьйцучу халкъан турпалхочух лаьцна язйина.
        Нохчийн, гIалгIайн драматургехь белхалойн классан тема дуьххьара хIоттийнарг Бадуев СаьIид хилла. «Дашо Iам» цIе йолчу пьеси тIехь драматурго гайтина тайп-тайпана къаьмнех болчу нефтяникаша, йохьалле а буьйлуш, къинхьегаман толамаш бахарца Даймехкан хьал алсамдаккхар. Граждански тIеман хьокъехь ю автора историн бакъдолчунна тIехь язйина «ЦIен гIап» цIе йолу турпалаллин драма. Ерриг советски драматургехь тоьлашха лоруш хиллачу К. Треневн «Любовь Яровая», Вс. Ивановн «Бронепоезд 14-69», Б. Лавреневн «Разгром» цIерш йолчу произведенийн могIарехь Бадуевн «ЦIен гIап» пьеса  лаьтташ хилар билгалдоккху цуьнан драматурги теллинчу литературоведа Айдаев ЮшаIа.
        Пьеси тIера хиламаш билгалйолчу меттехь – Iалхан-Юьртахь – кхочушхуьлуш бу. Коьрта долчу декъана пьесин чулацаман бухехь берг Iалхан-Юьртахь Деникинан эскаршна дуьхьал бина цIеяххана болу тIом бу. Исторически бакъдолчуьнца цхьаьнадогIуш дара Бадуевс шен пьеси тIехь белхалоша а, ахархоша а граждански тIамехь паргIатонехьа къийсам латтор  гойтуш долу суьрташ. Iаламат боккха кхиам хилира «ЦIен гIап» цIе йолчу драмин. Яздархойн Ерригсоюзни хьалхарчу съездехь вайнехан литературин хьокъехь ша динчу къамелехь Айсханов Шамсуддис билгалдаьккхира: «Нохч-ГIалгIайн керлачу актераша хIиттош С. Бадуевн «ЦIен гIап» цIе йолу пьеса а ю. И пьеса хIинцале Нохч-ГIалгайн областан шерачу аренгарчу а, ламанца йолчу а ерриге  ярташкахь хIиттийна а, колхозхоша чIогIа магийна а ю».
        1933 шеран 25 июнехь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газето яздора «ЦIен гIап» бохучу пьесех лаьцна: «Пьеса кхаа-деа    сохьтехь лаьтта, цуьнан ейтта эпизод а, пхиъ дакъа а ду. Амма хьовсархойн зал оцу ерриге а хенахь тIехъюьззина хуьлу, адамаша дIалоцу массо маьIиг а, кораш а, неIсагIеш а, чуьра араболу некъ а. Хьовсархой Бадуев СаьIидан «ЦIен гIап» цIе йолчу граждански тIеман хьокъехь нохчийн къинхьегаман ахархоша а, грозненски пролетариато а Шатиловн, Бичераховн, Чуликовн, Алиевн, кхечеран а кIайгвардейцийн бандашна дуьхьал герзашца латтийначу къийсаман хьокъехь йолчу пьесе хьовсуш бу.
        Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца хьаьвсира пьесе. Царах дукхаха йолчу эпизодашкахь шаьш дакъалаьцна цара. ГIойтIарчу партизански отрядан командир Хьату Давлиев, Йоккхачу-АтагIара Ноома Тукаев, Гикалос шена тIедехкина дуккха а къайлах гIуллакхаш кхочушдина волу Iалхан-Юьртарчу партизански отрядан командир ЧIаба Кагерманов, дуккха а кхиберш а. ХIинца уьш леррина хьоьжу юьртсоветан уьйтIарчу доккхачу рагIу кIелахь аннаш вовшах а тесна йинчу сцени тIе».
        Къоман театран сцени тIехь, даим а шен кхиам а болуш, дуккха а шерашкахь лаьттира Бадуевн «ЦIен гIап». 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театр Белоруссехь гастролашкахь йолуш а, Москва къаьмнийн театрийн фестивале кхайкхича а, цуьнан репертуарехь Бадуевн кхоъ пьеса хилла: «ЦIен гIап», «ПетIамат», «ЦаIебийна зудаялор».
Иштта баккхий кхиамаш хилира драматурган дукхахйолчу произведенийн. Бадуевн «ПетIамат» цIе йолу пьеса а, «Бешто» цIе йолчу повесть тIехь хIоттийна пьеса а вайн заманахь а ю Нохчийн пачхьалкхан драматически театран репертуарехь.
        Бадуевн цхьайолчу драматически произведенийн тексташ яйна, кароза ю. Иштта «ЦIен гIап» пьесин текст а, хьалхара ши сурт бен карийна дац.
        Бадуев СаьIидан пьесаш нах шайга хьовсуш а, нахана езаш а яра. Драматурган произведенийн турпалхой, цуьнан пьесаш тIера хиламаш халкъан дахарера схьаэцна а, халкъана хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш кхочушьяре хьажийна а бара. Цундела адамашна оьшуш яра и пьесаш, резахуьлуш цара тIе а оьцура уьш.  
        Лакхахь билгал ма-даккхара, Бадуевс исбаьхьаллин литературехь баккхий кхиамаш бахаран бахьана дара коьрта долчу декьана иза халкъан барта кхоллараллина тIетевжаш хилар, халкъан барта произведенех цо кхоллараллица пайдаэцар. Амма яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиарехь, цуьнан кхоллараллин хатI шардаларехь доккха маьIна дара Бадуев даим  оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех Iемаш хиларан, цо хаддаза оьрсийн бак¬кхийчу яздархошца доттагIаллин, кхоллараллин уьйраш латтош хиларан.
        Бадуев СаьIидан цхьаьнакхетарш хилла А. М. Горькийца а, А. А. Фадеевца а.
Бадуевна Iаламат пайдехьа бара дуьненна а вевзаш волчу сийлахь-воккхачу яздархочун А. М. Горькийн хьехамаш. «Тхан хьехархо – Максим Горький» цIе йолчу шен исбаьхьаллин очерка тIехь Бадуевс яздо пролетарски яздархочун кхолларалла, кхечу къаьмнашна санна, вайнахана а доккхачу маьIне хиларан хьокъехь а, шена цунах даьллачу беркатах лаьцна а. «Тхан хьерхархо, тхан накъост Горький!» – боху Бадуевс. Горькийн «Песня о Соколе» нохчийн матте а яьккхина, шен очерка тIехь ялийнера яздархочо.
«Нохчийчоьнан драматургически литературехь тоьлашха йолу произведени – Бадуевн «ЦIен гIап» цIе йолу пьеса – Горькийн исбаьхьаллин тIеIаткъамца» язйина хилар билгалдаьккхира 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н яздархойн Союзан правленис.
        Бадуевн доттагIалла дара А.С. Серафимовичца а. ЦIе яххана волчу яздархочо гIо дора шен къоначу накъостана къоман дахар исбаьхьаллин кепехь талла, произведенешкахь кIорггера исбаьхьаллин суьрташ кхолла. 1929 шарахь ша Нохчийчу веана волуш А. Серафимовича яздархойн (къаьсттина нохчийн яздархойн) тидам тIебахийтира шайн къоман дахар кIорггера талла дезаш хиларна. «Уьш Нохчийчоьнах къаьстина лелахь, церан гIуллакх ледара хир ду»,  –  элира цо.
ГIарабевлла болчу оьрсийн поэташца Э. Г. Багрицкийца, В, А. Луговскойца, иштта дIа кхечаьрца а доттагIаллин уьйраш хилла Бадуевн. Баккхийчу яздархоша – исбаьхьаллин дешан говзанчаша гIо дина Бадуевна шен халкъан дахар керлачу исбаьхьаллин кепехь гайта, реализман некъаш тIехь чIагIвала.
Бадуев СаьIида шен агIора чIогIа хама бина оьрсийн яздархойн, цунна дика хаьара йоккха идейно- эстетически мехалла йолу оьрсийн литература нохчийн къоман исбаьхьаллин литература кхиорехь доккха маьIна долуш хилар. 1932 шарахь Москвахь СССР-н яздархойн Союзан Оргкомитетан хьалхарчу пленумехь ша динчу къамелехь Бадуевс къеггина билгал а даьккхина иза.
        Бадуев СаьIидан кхолларалла шен заманан Iалашонаш кхочушъеш, шен хенахьлерчу халкъан дахаран лехамашка хьажийна яра. Адамийн дог-ойла, церан амалш, лехамаш дика, кIорггера гойтуш яра. Цундела хIинцалерчу дахарца цхьаьна йогIуш а ю цуьнан тоьлашха йолу произведенеш.
        Яздархочун исбаьхьаллин корматалла зазадоккхуш, кхуьуш йолчу хенахь хедира цуьнан кхоллараллин некъ. Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1938 шеран юьххьехь дIаболийнера «ПетIамат» драми тIехь спектакль хIотторан болх. Спектаклан режиссер волчу Батукаев ХIаронца цхьаьна театрехь репетицешкахь хаддаза хуьлуш вара Бадуев СаьIид. Премьера хIотто де тIекхочуш сихбинна боьдуш бара театро пьеси тIехь беш болу болх. Оцу хьо¬къехь хIин-хIинц тIаьхьа а Батукаев ХIарона дуьйцура: «Буса сахиллалц «ПетIамат» спектаклан прогон еш вара со, кхана хила езачу премьерина кечлуш. Сатосуш театрера аравелира, цIа а гIой тIера духар му аьлла. Гена валале энкавэдешникашна тIеIоттавелира. Уьш, этIаеш, схьайохуш бара «ПетIамат» спектаклан кестта премьера хиларан хаам беш йолу афишаш. Со царна оьгIазвахна чутасавелира: «Аш хIун до, йовсарш?! Уьш тхан театран афишаш  ю, тхан кхана премьера ма ю»,  –  аьлла. Буьрса схьахьаьжначу энкавэдешнико жоп делира: «Хир яц шун премьера кхана. Кхин Бадуев а хир вац цкъа а. Вели иза шен националистски-буржуазни зурманаш лекхна». Сан дог шелделира. Ткъа Iуьйранна ерриг Соьлжа-ГIала зIуган бенах таръелла зийзаш яра, Бадуев СаьIид лаьцна дIавигна бохуш».
             Иштта, бе а бехк боцуш чу а воьллина, тIепаза вайина къоман литературин классик. Бадуев СаьIид 1943 шарахь кхелхина лоруш дара. ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь нийса цахилар. Къайлах хиллачу документаша гойту Бадуев СаьIид 1938 шеран 14 февралехь чувоьллинчохь кхелхина хилар.
Яздархочун кхолларалла, цуьнан дерриге дахар халкъана дIаделла дара. «Бадуев СаьIид кабинетан яздархо вацара, иза наггахь а карор вацара стоьла тIехь яздеш Iаш, цуьнан белхан кабинет ерриге а Нохчийчоь яра»,  –  яздина Мамакаев Мохьмада.
        «Иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара», – боху шен дагалецамашкахь Саидов Билалас.
        «Шен произведенеш бахьана долуш нохчийн халкъан шега боккха безам бахийтира Бадуев СаьIида: зорбанера арайовллушехь, нахана юкъаяьржара цуьнан книгаш, генарчу районашкара а, лаьмнашкара а нохчий, цуьнан пьесаш профессиональни театро хIиттош хьовсархьама, леррина Соьлжа-ГIала оьхура. Нохчийн дешархочун исбаьхьаллин литературе безам бахийтарехь чот йоцуш доккха гIуллакх дира С. Бадуевн произведенеша. Иза лара веза нохчийн исбаьхьаллин литература а, драматурги а дуьххьара кхоьллинарг а, цуьнан дуьххьарлера бухбиллархо а», –  баьхна Мамакаев Iаьрбис.      
        Хан яларх шен мехалла лах ца лун Бадуев СаьIидан кхолларалла  вайнехан исбаьхьаллин литература кхоллаяларехь, кхиарехь доккхачу маьIна хилла ю. Яздархочун тоьлашха йолу произведенеш школехь, вузашкахь Iамош ю, цуьнан пьесаш нохчийн къоман театр кхоллаелчхьана хIинццалц схьа театран репертуарехь ю.

Бадуев СаьIидан зорбанехь араевлла книгаш

    Мацалла. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1928.
    Iимран. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    ЦIеран арц. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    Дайн Iедал (И.Эльдархановца цхьаьна язйина). Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    Пхи туьма. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Iадаташ, I дакъа. Дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Iадаташ, 2-3 дакъош. Повесть, дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Марха досту де. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Хабарш, иллеш, поэмаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
    ПетIимат. Роман. I-ра дакъа. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
    Гуттар ца хуьлу моллина мовлад. Сьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    ГIурба. Дийцар. Владикавказ. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).  
    Дохковалар. Дийцар. Гочд. И. Дахкильгова. Орджоникидзе. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).
    Самаяьлла ячейка. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931.
    Мила ву бехке?. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931.
    Большевикаллийн ялта дерехьа. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932.
    Некъан кехат (Исбаьхьаллин дийцарш). Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932.
    Колхозан иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933.
    Ши малх. Поэма // Итт бIаьсте. Соьлжа-ГIала, 1933.
    Хаьжина произведенеш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933.
    Петимат (Поэмин дакъа) // Рост. 1934. № 1.
    Берашна совгIат. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.
    Керла нах. Очерк // Нохчийн яздархойн дош. Соьлжа-ГIала. 1934.
    Политотдел. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.
    ПетIимат. Поэмин дакъа // Кхиам. Соьлжа-ГIала. 1934. №1.
    Вайн беш. Стихан, поэмаш, эшарш. Соьлжа-ГIала, 1935.
    Хаьржинарш. Романан дакъий, повесташший, дийцаршший, пьесий. Грозный, 1960.
    Хаьржинарш.  Дийцарш, стихаш, повесташ. Грозный, 1964.
    Гулйина сочиненеш. Шина томехь. Хьалхара том. Проза, драматурги. Грозный, 1976.
    Гулйина сочиненеш. Шина томехь. ШолгIа том. Проза. Поэзи. Грозный, 1977.
    Хаьржинарш (Дийцарш, стихаш, повесташ). Грозный, 2004.

    Царскому времени. Стихи. Пер. В. Жак. // На подъеме. 1930. № 1.
    Нет, не могу молчать! Стихи. Пер. М. Голодный // – На подъеме. 1931. № 2-3.
    Нефть. Стихи  // Дм. Осин. Под мирным солнцем. Грозный. Чечнациздат, 1934.
    «Два солнца», «Сестра», «Довольно», «Нефть», «Скорбь о великой утрате». Стихи //Поэты Чечено-        Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935.
    «Отец и сын», «Парашютистка». Стихи //  Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
    «Царскому времени», «Нет, не могу молчать», «Отец и сын», «Гора». Стихи // Поэзия Чечено-Ингушетии. М.,   ГИХЛ, 1959.
    Огненная гора. Повесть. Грозный, 1968.
    

www.ChechnyaTODAY.com

Административные контрольные работы (диктанты) по чеченскому языку.(5-11 классы)

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан

талламан белхан текст.

Мичхьара болало Даймохк.

Зударий кех бовллалц кет1ахь сецна,т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига керта. T 1ера хьахарш охьа а эгна,юккъера з1араш гуча а дийлина,т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а г1ийла хьоьжура цуьнга.цуьнан хьажар бешахула кхерстира,юкъ-юкъара г1аддийн аг1онашца наггахь марг1алаш а тесна,мацах цкъа салташа къинхетамза дагарш диттина,дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь,якъаелла адамийн чархаш санна.

Кхузахь баьхнера цуьнан дай.Оцу лаьттан коржама т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена.Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког,аьллера дуьххьарлера ши дош –нана,дада.Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан Даймохк.(82 дош)

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан

5-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Мехала толам

Т1амо йина чевнаш йоьрзуш яра. Беза мохь кочара охьакхоьссина некъахьо санна, хьаланислуш дара адам. Хийцалуш дара дахар. Фабрикан куьйгалхоша бухгалтеран г1оьнча винера Саь1идах. Х1инца кхуьнан болх конторехь бара. Дешарца вуно бацара кхиамаш.
…. Аьхке яра т1ееана. Нийсачу мог1аршаца лаьттачу таьллийн дитташ т1ера сийна г1аш махо лестош дара. Шабар-шибар деш санна, вовшех хьекхалора уьш. Денош хийцалуш лаьттара.
Саь1идан, экзаменаш д1а а елла, суьйренан школан уьссалг1ачу классе ваьллера. Цуьнан дахарехь мехалла толам бара иза…
…Суьрташка хьоьжуш лаьттара Эми. Цеха чохь йолчу г1овг1ано кхунна ца хозуьйтура уллохула д1асалелачу нехан къамелаш. Х1ора суьрте леррина хьоьжура иза. (90 дош)
1.Дадашев

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан

5-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте. Шен гуш долчу беркатечу куьйгашца латта самадаьккхина, зезагашца къаьрзбина баьццара куз баржийра цо, хьаннашна т1е баьццара духар дуьйхира. 1аламан дозаллех даккхийдечу олхазарша тайп-тайпанчу эшаршца хьаннаш екайора. 1алам денделлера.

Тохарлеррачу аренашкахула жа дажош лелара 1аьрби. Сара санна,вуткъа хьалавоьдуш дег1 даьккхинера цо. Амма жима,к1еззиг хьалахьаьвзина мара,г1айг1не б1аьргаш стохкалерранаш бара.

Кхин а шина шарахь ваца дезара цуьнан Супанина. Дан г1о доцуш, к1елвиснера Хьамид. 1аьрби схьаваккха г1иртира иза, амма баккхийнах а, молла а шена т1евирзийна Супанийца къийса а ца делла, висира.(86 дош).

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан

5-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Набарха а яьлла, чухула б1аьргаш кхарстийра Х1азана. Т1ом баьлчахьана дуьххьара яьллера х1ара иштта т1аьхьа сама. Тахана-м кхуна ур-аттала нана базара йоьдуш а ца хиира. Корах арахьажира йо1. 1уьйре х1инца бодане яра. Нохчичохь т1омбаьлла хьалхарчу шеран 1а дара иза. Хало хьоьгура дуккха а наха мацаллица, щелонца, къаьсттина, т1ера дай белла дисначу байша а, ц1енош дохийна, т1амах бевдда, карахь-куьйгахь доцуш кху юьрта баьхкинчу наха а. Царех бара х1ара Хьамидан доьзал а.

Х1ора денна, хьалххе г1оттий, оцу юьртачу базара йоьдура Х1азанан нана. Цхьацца баккхал зударшкара схьаоций, д1аюхкура.Иштта халла юург латтайора цо.(88 дош).

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан

6-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза. (90 дош)

Т1едиллар. Хандешнийн хенаш билгалъяха.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан

6-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Т1едиллар. Йозанца долу терахьдешнаш цифрашца язде.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан

6-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Т1едиллар. Лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзаде. Цхьаъ легаде.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан

6-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Ткъа муха хуур дара аьхке т1екхочуш юйла? Оцу хенахь дукха бу тидамаш. Аьхке юлуш хаа лаахь, календарь т1е хьежа ца оьшу. Иза гойтур ду дитташа, дийнаташа.

Нагахь хьаьрмако, эльхьамчо заза дьаккхинехь, аьхке йоьллачу дийнахь хьала-охьа кортош лестош хуьлу. Гомаш хи чу йижча, 1алама кхоччуш дохдаларан тоьшала ду.

Хазачу эшаршца ч1ег1ардигаш лекхачу стигалахь лелаш хилча а, йоькхана хирг хиларан билгало ю. Йоькхане де хир ду, нагахь сай, бодий къаьстачу хенахь накхар чуьра мозий арадуьйлуш а, чуьркаш зов деш лелаш а, хи чохь ч1ара ловзуш а хилахь. (86 дош)

Т1едиллар. Йозанца долу терахьдешнаш цифрашца язде.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан

7-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Ч1ег1ардигаш схьа а даьхкина, уьш шайн баннаш х1усамашкахь д1атарделла хан яра иза. Сулимина ч1ог1а дукха деза и олхазар. Цо церан тидам а, терго а йора.

Цхьана 1уьйранна pa г ly к1елхьарчу бенара ч1ег1ардиг ч1ог1а шега хьоьжуш санна хийтира Сулимина. Цуьнгга хьоьжуш а лаьттина, ишколе д1авахара иза. Амма ишколехь ч1ег1ардигна сагатдеш, цхьа дагахьбаллам хилла хай яьккхира цо. Урокаш чекх ма-евллинехь, хье ца луш ц1а а веана, бене хьалахьаьжира иза. Ч1ег1ардиг тохара xlapa ишколе воьдуш ма-хиллара 1аш дара. Хьежар хьалхалерачул а г1ийла хийтира кхунна.

126 дош. З.Сулейманова

Т1едиллар: 1-чуй, 6-чуй предложенешкахь хандешан саттамаш билгалбаха

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан

7-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Мазлаг1а лаьттачу уьйт1ара охьаваьлча, тог1и чохь чехка дог1уш хи а долуш, юькъачу хьуьнан хазчу меттехь дара шира ц1енош. Цигахь дехаш дара б1ера ваьлла воккхастаг 1имран а, цуьнан х1усамнана Себила а. 1имран хьуьнхо вара. Шен шерашка ца хьоьжуш, цо х1инца а болх бора: мангал а хьокхура, дечиг а доккхура, накхарш а леладора.

Аьхка ишколера ц1а хецча а, вуьшта мукъадевллачу деношкахь а юьртара бераш а дог1ура и волчу. Цаьрца хуьлура хьуьнхочун берийн бераш а. Эх1, ма сакъералора- кх церан орцахь! Мел дукха дара цигахь тайи-тайпана олхазарш! Воккхачу стаганна гуш цахиларх, декарх а девзара уьш. Цунна хаьара церан амалш, дахар, бен муха, мичахь, стенах бо, х1ун юу, хьуьнхахь 1а доккхурш муълхарш ду. 1имрана царех лаьцна вуно говза дуьйцура берашна. Кегийчарна ч1ог1а тамашийна хетара и дерриге а.

124 дош. Д.Кагерманов

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан

8-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йистхилла иза:

Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткьа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош)

Я. Акаева («СтелаӀад», 2004 ш., №2)

Т1едиллар: 3-чу абзацера предложенеш (ерриге 3) синтаксически юьззина къастае.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан

8-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Хьал долуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнхахь д1ахедаш бац акха стоьмаш: элхьамчаш, 1ежаш, кхораш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш. 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар а чам толо церан.

Хала ду адамна и ерриге а хазнаш схьагулъян. Схьахетарехь, иза дика а ду. Х1унда аьлча, олхазаршна а, акхарошна а ма оьшу царах цхьадолу дакъа 1аьнан а, б1аьстенан а муьрехь, шайн кхача бина, пайдаэца.

Къаьсттина хьийкъина хуьлу муьргаш. Х1инца яа ч1ог1а пайдехьа ю уьш, цундела хьуьнан олхазарш го церан дитташ т1ехь. Февраль баттахь а, б1аьстенан юьххьехь а дарбане бецаш а, орамаш а карор ду хьуьнхьахь, лаха а хууш лехча, царна юкъахь: ч1имаш, боьш, муьжг, иштта кхийолу ораматаш а.

Х1ор синтаран, диттан, бецан хелиган ша тайпа дахар ду, дикка ойла йича, вайн дахаран г1аролехь лаьтташ. Уьш ца хилча вайн дахар деса хир дара. Исбаьхьа, дарбане, комаьрша бу вайн Даймохк. И беза а, лара а, ларбан а вайн декхар ду! (135 дош)

I. Сапарбиева («СтелаӀад», №2,2003 ш.)

2) 2-чу предложенера цхьанатайпанара меженаш карае, бух сиз хьакха.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан 8-чу классашкахь

нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Со тхайн да 1ийначу юьрта яханера. Цигахь ч1ог1а хаза дара. Машенийн я лелхачу герзийн г1овг1а йоцуш, тайна дара юьртахь. Иштта тийналла суна цкъа а гина яцара.

Со инзаре цецъяьккхинера гинчу суьрто. Ирхдахана лекха дитташ. Дехьо юькъа хьун. Хьалахьаьжча, чаккхе йоцуш санна, лекха лаьмнаш. Цу т1улгаш юккьера, кхехкаш санна, схьадолу шийла шовда. Хьежарх к1орда ца йора цуьнан сийналла. Чуяьлча а, даржа а ца даьржара шовда. Т1улгаш а, шен басах д1аэдина, ц1андинера цо. И хазалла дешнашца йийцалур яц.

Бердийн басошкахь уьдуш лелара 1ахарий. Царех самукъадаьлла, ехха хьоьжуш 1ийра со. Уьш ч1ог1а хаза ловзура, вовшашна т1аьхьа уьдуш, кортош а бетташ. Суна иштта хаза меттиг цкъа а ца гинера. Бакъду, буьйсанна дукха 1аьржа хуьлура. Лаьмнаш а, хьаннаш а ца гора. Дийнахь сайн самукъадаьккхина 1алам дайча санна хеталора суна.

(125 дош). 3. Балтукаева («Стела1ад», №3, 2006 ш.)

Т1едилларш: т1ера схьаязъе цкъа хьалха юкъара- юьхьан, т1аккха – ц1еран предложенеш. Т1аьххьара предложени синтаксически юьззина къастае.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан

8-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Бохь бохийна, цхьа г1ийла лаьтта Хаза-Кхаьллахь (Ч1аьнтахь) Жог1утан ворх1 к1ентан б1ов. Хетало, шен когашкахь 1уьллучу т1улге цо сатуьйсуш санна.

«Жима хилла. » Тасало со т1улгах. Т1улг меттах а ца хьов.

Т1аккха цара цу т1улгаца ерзийна, бохуш, дуьйцу и б1ов. Иштта шех лаьцна дийца йиш йолуш ю вайн х1ора б1ов а, х1ора лаьтта т1улг а. Вайн декхар ду церан дола дар, царах лаьцна дерг лардар». (150 дош).

Т1едиллар: Хьалхара предложени синтаксически юьззина къастае.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан

10-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Синхааме а, къинхетаме а хила 1амор – иза кхетош-кхиорехь уггаре халаниг ду. Адамалла, дикалла, диканигхила лаар кхоллало г1айг1анашкахь, сахьийзаршкахь, хазахетаршкахь, сингаттамашкахь. Нагахь бер шен гергарчаьрца, юххерчаьрца, мискачаьрца, цомгашчаьрца, цхьалхачаьрца, 1ехийначаьрца хуьлуш дерг бен ца хеташ, дог ца лозуш кхиахь, цунах тцкъа а хир дац бакъдолу адам.

Адамна уггаре а бог1уш болу цхьаъ бен боцу некъ – иза диканан некъаца вар ду. Адамна шена цхьанна а, доллучу юкъараллина а и некъ пайде а, нийса а, зийна а бу. (159 дош))

Т1едиллар: 9-чу предложенина синтаксически таллам бе.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан

10-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Хьажмурд шен шийтта шо кхочучу хенахь дег1ана эг1аза, амма вуно т1ахъаьлла а, хьуьнар долуш а к1ант вара. Жима велахь а, чохь а, кертахь а, ишколехь а дечу г1уллакхана т1ера вара иза. Шен нене а, дег1ан ницкъе а хьаьжжина, т1едиллина г1уллакх, мало а ца еш, дика кхочушдора цо. Цуьнга балун болчу балха т1ера юхаийзош, кхоа ца вора иза дас, х1унда аьлча цунна хаьарат жим-жима вулуш балхах волар, болх бар пайдехь дуйла а, цо могашалла ч1аг1йойла а, дег1ера ницкъ алсамбоккхийла а.

Ишколехь къинхьегаман урокаш доккхачу хьуьнарца, кхиамца кхочушйора Хьажмурда. Ишколан куьйгалхошаи Сийлаллин грамота а луш, къастош билгалвьккхира иза. К1ант дика кхиорна, баркалла элира цуьнан дена а, нанна а. Нахана юккъехь к1ант хасторна, шайна баркалла аларна, юьхьк1айчу х1оьттинера Шахьби а, Маликат а.

Урокашкахь дика ладуг1уш а, кхета г1ерташ а хиларе терра, дешар дика хаьара Хьаьжмурдана. Девне, ч1иркъе воцуш а, шайца уьйр йолуш а хиларна, берашна дукхавезара иза. Даимна цуьнан векхавелла хиларо а гойтура, даг т1ехь мекха йоцуш, догц1ена иза хилар.(158 дош)

Т1едиллар: 5-чу предложенина синтаксически таллам бе.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан

10-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Х1ара дерриге а дуьне ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бош а мел кхоьллинчу: адамах а, 1аламах а. Дала дог1а а доуьйтий, лаьттах хьаладовлу дитташ, бецаш,коьллаш, ялта, стоьмаш. Юха малхе йовхо, серло йолуьйтуш, уьш хьалакхуьуйту. Дала, къинхетам беш, адамна делла б1аьрса а, лерса а, баккха ког а, кховдо куьг а, ойлаян хьекъал а. Иштта цо вайна делла ялтийн х1у а, хьайбанаш а, стоьмаш а…. дагардина ца валлал даккхий ду Дала вайна дина диканаш, бийцина ца валлал боккха бу Дала вайх бина къинхетам.

Вовшашца а, гонахарчу 1аламца а къинхета хилар а т1едиллина вайна Дала. Х1ун ду иза « къинхетаме хилар?». И дера ду хьуна хьайл г1ийланиг гар а, ахь цунна оьшуш долу г1о дар а. Г1о дар, дашца хилла ца 1аш, дечу г1уллакхца, хьайн долчу х1уманца хила деза. Къинхетам гучуболу хьан комаьршаллица, хьайн долчух кхечуьнца дакъа дан хьо кийча хиларца.

Нохчийн кица ду: « Д1аделларг – карийна,д1адиллинарг – дайна». Х1ун маь1на ду цуьнан? Ахь нахана г1о дича, хьайн дерг луш, цкъа делахь, хьайн дика г1уллакхаш алсамдоху ахь. (160 дош)

Т1едиллар:Цхьанатайпанара меженашна к1ел сиз хьакха.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан

10-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш цхьа г1иллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду « Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьдаьллачу дашах жоьпалла ву» бохург ду иза.

Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду.

Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна 1ама веза, баккхийчаьрга ла а дуг1уш, цаьргара масал а оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца 1а, иза вайх х1ораннан сица, кхетамца хила дог1у жовх1ар ду. Цо г1о до оьзда боцчу нехан лаамна к1ел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь ц1ена чекхвала а. (140 дош)

Т1едиллар: Чолхе предложенеш билгалъяха к1ел сиз хьакхарца.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан

11-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.

Т1едиллар: 9-чу предложенина синтаксически таллам бе.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан

11-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Дуьне дохделира, хьунхахь г1а дала, зазадаккха доладелира. Органан тог1ешца дукха ду элхьамцаш, хьаьрса хьечаш, хьуьнан 1ежаш, кхораш. 1уьйранна хьо хьаьжча, басешкахь, бердашкахь цара даьккхинчун зазано, ло диллича санна, к1аййинера хьун. Зазанна т1ехула хьийзачу накхармозийн зевне ладоьг1ча, пондар лоькхуш санна хеталора. Мозаша дургал кхоьхьура накхаршна чу.

Иштта ловзар хуьлу олхазарийн, к1орнеш яххалц. Буьйса а ца юьту цара тийна. Сахиллалц шен хезачу эшаршца иза новкъа йоккху зарзаро.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан

11-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Ж1аьлешка луьйчу Ахьмадан аз а хезаш, ша висна Ибрах1им ойланаш еш вара. Иштта ша висча, ойланашца шен кийра хьоьжура воккха стаг. Дуккха а хан ю Ибрах1им же лела. Хийла арахь буьйса яьккхина цо кхузахь.

Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара ж1аьла ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.

Катоьхна шен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.

Шена хьалха и тохара санна кхераме къажийна берзан к1омсарш гина йовлаллий, т1екхеттачу барзо некхе ка тоьхна, т1ек1ел эккхийтира Ахьмад. Оцу минотехь, шена юххехь шозза топ йолуш хезира цунна. Берзалой кхераелла д1асаевдира.

Нохчийн меттан ишколан директор

МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.

___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.

Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан

11-чу классашкахь нохчийн меттан административни

талламан белхан текст.

Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шеен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

Источник

Методические разработки по чеченскому языку (изложения)

Урокан ц1е: « Изложени : «Ши йо1».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду кийчачу планаца болх бан: х1ора декъера чулацам шайн дешнашца схьабала.

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. Личностни : берийн кхуьур бу адаме къинхетам. Берийн алсамдер ду ц1епрошта некъах ларбалар.

2. 1алашо йовзийтар.

3. «Ши йо1» ц1е йолу текст йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу текст.

-Х1ун хилира ц1а йог1уш? (Ц1а йог1уш ц1еххьана ц1ерпошт гучуелира).

-Муха дара шина йоь1ан хьал? (Ши йо1 кхераелира).

-Х1ун дира цьршимма? (Йоккханиг едда некъал дехьа иккхира.Жиманиг ц1ерпошта некха юккъе охьаюьйжира).

-Х1ун дира ц1ерпошто? (Ц1ерпошт чакъелира).

-Х1ун моьттура йоккхах йочу йишина? (Йоккхачунна шен йиша елла моьттура. Иза йоьлхура).

1. Ши йо1 кхораш баха яхар.

2.Ц1ерпошт гучуялар. Бохам хилар.

3.Йоккъахйолчун холчу х1оттар.

4.Массарна а хазахетар.

-Д1аеша план.Маса дакъа хила деза вайн изложенин? (Диъ).

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Х1ун яздийр ду вай цунах лаьцна?Маса предлложени хир ю хьалхарчу декъехь? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ю иза? (Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яханера).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун эр ду вай ц1ерпошт гучуяларх? Маса предложении хир ю оцу декъан?(Йиъ)

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Х1ун эр дара аша йоккхах йолчу йишех лаьцна? (Йоккхах йолчунна жиманиг елла моьттура. Иза йоьлхура).

1. Ши йо1 кхораш баха яхар.

2.Ц1ерпошт гучуялар. Бохам хилар.

3.Йоккъахйолчун холчу х1оттар.

4.Массарна а хазахетар.

Ц1ерпошт гучуелира. Ши йо1 кхераелира. Йоккхахъерг юхаедира. Жимахъерг охьайуьйжира. Ц1ерпошт чекхъелира.

Йокхайолчунна жимахъерг елла моьттура,йоьлхура.

Г1оьнна дешнаш д1а а ловчкъийна схьайийцар.

Орфографически кечам бар

А)Хьехархочо уьн т1е д1аяздо хала дешнаш.

Б) Хьехархочо дагайохкуьйту берашна къасторан хьаьрк язъяран бакъонаш.

В) Хьехархочо карлайохуьйту мукъаза шшалха элпаш цхьана нисдаларх лаьцна бакъонаш.

6. Язйина текст таллар.

7. Ц1ахь бан болх балар.

Урокан ц1е: Изложени : «Борззий, 1ахаррий».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана язйийр ю изложении: «Борззий, 1ахаррий».

3. Текстаца болх бан. Чулацаман мехалла аг1онаш йовзийтар.

-Д1елла учебникан 42-г1а аг1о. Д1аеша текст.Стенах лаьцна ю иза? (Барзах, 1ахарх).

3. Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун хилла хи молуш? (1ахар хила хи молуш).

-Х1ун хаьара 1ахарна? (1ахарна и мохк берзан боцийла хаьара).

-Х1ун элира цо? (Цо мохк шен бу элира).

-Муха яра борз? (Борз меца яра).

-Х1ун лаьара цунна? (Цунна 1ахар баа лаьара).

-Х1ун яра 1ахарца? (1ахарца ж1аьлеш дара).

-Х1ун хилира барзана? (Барзана ж1аьлеш гира, иза едира)

-Бераш, хаьнна хуур дара шуна цу дийцаран план х1отто? (Берийн жоьпаш).

-Маса дакъа ду дийцаран? (Кхоъ).

-Х1ун ду х1ора декъехь коьрта? (Барзо дов хьадар. Берзан лаам. 1ахарца болу накъостий. Стено къахкийна борз).

Уьн т1е д1аязйо план.

3.1ахарца болу накъостий.

-Д1аеша план. Х1ун эр дара аша барзо дов хьадарх лаьцна? (1ахар бара шовданехь хи молуш. Цунна т1ееара борз. Цо дов долийра шеен махка т1ера хи ма мела аьлл).

-Х1ун эр дара берзан ламах лаьцна? (Боз меца яра. Цунна 1ахар баа лаьара).

-Х1ун хьоьху дийцаро?

Чулацам юха бешар, схьабийцар.

(Хьехархочо уьн т1е д1аяздан мега г1оьнна дешнаш).

6. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 78, аг1онаш 41-42.

Выбранный для просмотра документ изложени лекъ.doc

Урокан ц1е: «Изложени : «Лекъ».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду шайна т1едиллиначу декхарх кхета, иза шаьш кхочушдан дезар хаам хир бу. Шайн белхан план хир ю.

3. 1алашо йовзийтар.

4. Текстаца болх бар.

-Д1аелла книгин 154-155 аг1о. Караде шардар № 313.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Лекъах).

-Х1ун ю лекъ? (Олхазар ду).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Лекъ).

Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун ю лекъ? (Лекъ олхазар ду).

-Стенгахь хуьлу цуьнан дахар? (Цуьнан дахар лаьттахь хуьлу).

-Муха гучудолу лекъ? (Лекъ гучудолу декарца)

-Муха д1адоду лекъ? (Лахахула т1ома а долий д1адоьду, ша меттахдаьккхича).

-Муха хуьлу лекъ? (Лекъ хьаьрса-сира хуьлу букъан бохалла моханаш йолуш).

-Х1ун меттигаш ю лекъана дукхаезарш? (Лекъана дукхаеза ялтийн аре, екъа меттиг).

-Стенгахь хуьлу лекъан бен? (Лекъан бен лаьттахь хуьлу).

-Х1ун юьллу бен чу? (Бен чу йохку бецаш, къуьрдиган месаш).

-Маса х1оа хуьлу бенахь? (Бенахь хуьлу итт-пхийтта х1оа).

-Стенгара схьайог1у вайн махка лекъан к1орнеш? (Лекъан к1орнеш къилбера схьадог1у).

-Маса доккху лекъаша тевна? (Лекъаша тевна доккху аьхка).

Текстан план х1оттор.

-Маса дакъа ду текстан? (Диъ дакъа).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Стенах лаьцна ду иза? (Лекъах).

-Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Лекъ олхазар хилар, цуьнан дахар).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Лекъан дахар).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун ду цу т1ехь коьрта? (Лекъан бос).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Муха хуьлу лекъ?).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа.Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Лекъан бен муха хуьлу дийцар).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Лекъан бен бар).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Лекъан к1орнеш яхар)

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Лекъан к1орнеш хуьлу аьхка).

Уьн т1е д1аязйо план.

4. Лекъаша тевна доккху аьхка.

Изложени язъян кечам бар.

-Д1аеша вайн план. Маса дакъа хир ду изложенин? (Диъ).

-Муха яздийр ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра).

-Х1ун яздийр ду аша лекъан дахарх лаьцна? (Лекъ –олхазар ду. Иза деха ялтийн аренашкахь я ирзошкахь).

Х1ун яздийр ду аша лекъан басах лаьцна? (Лекъ хьарса- сира хуьлу,букъа т1ехь моханаш йолуш).

-Д1адеша планан доьалг1а дакъа. Х1ун яздийр ду аша лекъо тевна даккхарх? (Лекъаш б1аьста схьадог1у бовхачу махкашкара. Лекъаша тевна доккху аьхке юлуш)

Яздан хала дешнаш д1аяздо уьн т1е.

Хьаьрса-сира, итт-пхийтта, къилбехьара.

(Бераша шаьш кхочушбо болх)

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 313, шолг1а дакъа схьаязде.

Выбранный для просмотра документ изложени синтар.doc

Урокан ц1е: Изложени : «Синтар».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. Личностни : берийн алсамбербу 1алам хаздаран тидам. Ойлайийр ю шайн г1иллакхкн, шаьш лелочун. Г1о хир ду вониг ган.

2. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана язйийр ю изложени: «Синтар».

3. Текстаца болх бар.

Чулацамах лаьцна кхамел дар.

-Х1ун ю цуьнан ц1е? (Синтар).

-Х1ун дика г1уллакх динера бераша? (Бераша синтар доьг1нера некъан йисте).

-Муха дара синтар? (Синтар хаза кхуьуш дара).

-Мила хила уллехула воьдуш? (Цунна уллохула воьдуш к1ант хилла).

-Х1ун дина цо? (Цо цхьа г1а даьккхина д1акхоьссира).

-Стенан ойла йира цо? (Цкъа дохковелира к1ант ша г1а даккхарна, юха парг1авелира. Цунна дагадеара диттан дуккха г1аш хилар)

-Кхечу к1анта х1ун дира? (Кхечу к1анта га кагдира).

-Х1ун дагадеара цунна? (Цунна а дагадеара оцу диттан диъ га хилар).

-Муха йог1уш яра йо1? (Йо яра буьрка а ловзош йог1уш).

-Х1ун дира йо1а? (Йоь1ан буьрка кхетта бохь кагбелира).

-Муха хийтира йо1ана? (Цкъа халахийтира йо1ана, т1аккха дагадеара бухь юха а бериг хилар).

-Х1ун дира газано? (Газано кевстиг йиира).

-Х1ун дира велосипедаца вог1учо? (Велосипедаца вог1учо велосипед т1етовжийна гар даьккхира).

-Муха вог1уш хилла к1ант? (Урс ловзош вог1уш хила к1ант).

-Цо х1ун дира? (Цо га хадийра, урс муха ду хьожуш).

-Х1ун хилира диттана? (Дитт дакъаделира)

-Х1у хьоьху шуна дийцаро? (1алам лардан дезаш хилар.Лар ца дахь синтар сана х1аллакхир ду иза).

-Маса дакъа ду дийцаран? (Пхиъ).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Синтар д1адийна, кхуьуш ду).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Синтар д1адер).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг?(Х1аллакдан доладо синтар).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Г1а даккхар).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Йо1а бохь кагбира).

-Х1ун ц1е туьллар ара цунна? (Бохь каггор).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Х1ун ду коьрта? (Газано кевстиг йии, велосипеда т1ехь волчо гар даьккхи).

-Д1адеша пхоьалг1а дакъа. Х1ун эр дара цунах лаьцна? (Ур сира дуй хаьа га даькхча).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Уьрсаца га доккху).

-Д1адеша т1аьххьара дакъа. Х1ун эр дара цунах лаьцна? (Дитт дакъаделла).

-Хьан эр дара : х1унда дакъаделла дитт? (Адамалла йоцучу наха х1аллакдина).

Уьн т1е д1аязйо план.

-Д1аеша план. Х1ун яздийр ду аша синтар д1адерах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду к1анта г1а даккхарх лаьцна?

-Х1ун яздийр ду йо1а бохь кагорах лаьцна?

-Муха яздийр ду аша урсаца га хадорах лаьцна?

-Х1ун яздийр дитт дакъадаларх лаьцна?

-Маса дакъа хир ду изложенин? Муха доллар ду х1ора дакъа?

(Хьехархочо уьн т1е д1аяздо г1оьнна дешнаш)

6. Ц1ахь бн болх балар.

Шардар № 399, аг1о 165.

Выбранный для просмотра документ изложени шеран заманаш.doc

Урокан ц1е: «Изложении : «Шеран заманаш».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду кийчачу планаца болх бан: х1ора декъера чулацам шайн дешнашца схьабала.

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. 1алашо йовзийтар.

4. «Шеран заманаш» дийцарар чулацам бовзийтар.

«Шеран заманаш» дийцаран чулацам таллар.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Шеран заманех).

-Маса зама хийцало шар чохь? (Йиъ: аьхке, гуьйре, 1а, б1аьсте).

-Х1ун башхаллаш ю церан? (Берийн жоьпаш. Дуьйцу аьхка хуьлучу хийцамех, б1аьста хуьлучу хийцамехь, 1аьнан, гуьйренах).

-Х1ун боху гуь1ренах лаьцна? Х1ун 1уьллу дитташ к1ел? Муха охьаоьгу г1аш?Х1унда эга г1аш меллаша охьа? Дитташна муха ду г1ашех къаста?

-Муха хетта адамашна цаьрга хьоьжуш? Х1унда?

-Х1ун боху 1аьнах лаьцна? Муха дог1у ло? Муха охьаоьгу лайн чимаш?Х1ун до бераша?

-Х1ун боху б1аьстенах лаьцна? Х1ун хийцамаш хуьлу 1аламехь?Х1ун гучукъеда?Х1ун до лоно? Муха охьадог1у хин татолаш? Муха къега малх? Х1ун гучуйолу? Муха хийцало 1алам.

Текст шен х1оттамца таллар. План х1оттор.

-Д1аеша текст юха. Маса декъахлаьтта иза? (Диъ).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Аьхенах, берийн ловзарех).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Аьхке. Берийн ловзарш).

-Х1ун яздийр ду аша оцу декъах лаьцна?

-Д1адеша шолг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?(Гуьйренан хийцамех).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Гуьйренан хазалла).

-Схьабийца гурахь хуьлу хийцамаш. (Х1ора предложении сизаш хьакхарца билгалйоккху).

-Х1ун яздийр ду аша гуьйренах лаьцна?

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (1аьнах).

-Х1ун хийцамаш бу 1ай? Схьабийца.

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Ло дог1у. Бераш ловзу).

-Х1ун яздийр ду аша оцу декъах лаьцна).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?(Б1аьстенах)

-Х1ун боху б1аьстенах? Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Б1аьсте т1ееана).

-Вайн учебникан 49-г1а аг1он т1ера план д1аеша.

-Д1аеша вай х1оттийнарг. Муьлханиг г1оле ю?

-Д1адеша хьалхара дакъа. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша шолг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша кхоалг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша доьалг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Маса дакъа ду планан? Маса дакъа хила деза изложенин?(Диъ)

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу моганчуьра).

-Муьлхачу дешнашца д1адолор ду хьалхара дакъа? Шолг1аниг? (Кхоалг1аниг? Доьалг1аниг?

(Бераша схьабуьйцу чулацам).

Хьехархочо уьн т1е д1аяздо г1оьнан дешнаш дешнаш.

(Бераша схьабуьйцу чулацам таблицех пайда а оьцуш. Изложении язъеш д1айойу таблица).

Биллина куз, 1уьллу

Ло дог1у. Бераш ловзу

6. Язйина текст таллар.

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 93, аг1о 49

(Яздан гуттара хала долчунна х1ара карточка дала мега)

Биллина куз, 1уьллу

Ло дог1у. Бераш ловзу

Выбранный для просмотра документ изложени ши накъост.doc

Урокан ц1е: Изложени : «Ши накъост».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана язйийр ю изложении: «Ши накъост».

3. Текстан чулацам т1еэца болх бар.

-Д1аелла учебникан 117-118-г1а аг1онаш. Д1аеша текст.

(Бераша д1айоьшу текст).

Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун хила шина накъостана? (Шина накъостана хуьнхахь т1е ча 1оттаелла).

-Х1ун дира чано? (Чано хьожа йохура. Стага са ца до1ура).

-Х1ун дира дитта т1ерачо? (Дитта т1ераниг охьавоьссира. Цо хаьттира: «Х1ун дара чано бохург?».

-Муха жоп делира вукхо? (Кхерам болчохь накъост д1а а тесна додуш дерг вон адам ду элира ).

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро? (Кхерам т1ебеъча накъост д1а таса мегар дац).

-Маса дакъа ду тестан? (Кхоъ).

-Х1ун ц1е туьллур яра хьалхарчу декъана? (Ча т1е1оттаялар).

-Х1ун ц1е туьллур яра шолг1ачу декъана? (Вела моттийтар).

-Х1ун ц1е туьллур яра кхоалг1ачу декъана? (Накъост д1атосург вон адам ду).

Уьн т1е д1аязйо план.

Схьаязъян кечам бар.

-Кхерам т1ебеъча накъост висина додуш дерг вон адам ду- бохура.

(Хьехархочо уьн т1е яздо г1оьнна дешнаш)

7. Ц1ахь бан болх балар.

Язде тешамах лаьцна кицанаш.

placeholder

placeholder

placeholder

a loader

Номер материала: ДБ-634468

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

А вот еще несколько наших интересных статей:

  • Сочинение гринев и швабрин сравнительная характеристика героев
  • Сочинение две битвы князя игоря
  • Сочинение григория котошихина о россии в царствование алексея михайловича
  • Сочинение город калинов в моем представлении
  • Сочинение город калинов и его обитатели в пьесе гроза по плану
  • Поделиться этой статьей с друзьями:


    0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии